2018 шеран г1уран беттан 13-чохь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а Министерствос Айдамиров Абузаран дахарх а, кхоллараллех а лаьцна «Гражданин, патриот, яздархо» ц1е йолу региональни этнографи

13.12.2018

#Repost @ibaykhanov(@get_repost)・・・2018 шеран г1уран беттан 13-чохь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а Министерствос Айдамиров Абузаран дахарх а, кхоллараллех а лаьцна «Гражданин, патриот, яздархо» ц1е йолу региональни этнографически диктант д1ахьур ю. Диктант дIаяхьа аьтто кхоллар тIедуьллуш ду Нохчийн Республикин массо а дешаран организацина. Диктантан т1едахкарш тестийн кепехь долчу 85 хаттарх лаьтта. Диктантан декъашхо хила тарло 14 шо кхаьчна волу муьлха а Россин Федерацин гражданин, дешаран т1ег1анах а, социальни статусах а, динан лехамаш кхочушбарах а, гражданаллах а доьзна доцуш.