Нохчийн Республикан дешаран а, 1илманан а Министерствос Дуьнена-юкъарчу зударийн Денца 8-чу Мартаца декъалдо шу, зударий-махкахой!

08.03.2016

ibaykhanov Нохчийн Республикан дешаран а, 1илманан а Министерствос Дуьнена-юкъарчу зударийн Денца 8-чу Мартаца декъалдо шу, зударий-махкахой! Нана, йиша, йо1 даима а сийлахь лийрина нохчийн халкъо. Цаьрца дозаделла ду даима а доьзал оьзда хилар, къоман т1аьхье оьздангаллин ойланехь кхиар. И сийлахь декхарш кхочушдеш схьабаьхкина нохчийн наной къомана муьлхха хала ,баланаш т1ебиссинчу заманашкахь а. Тахана къоман т1аьхье оьздангаллин ойланехь кхетош-кхиорехь уггаре доккха дакъа д1алаьцна зударша-хьехархоша. Шайн дахарехь дезаш хаьржинчу г1уллакхана тешаме буьссу уьш къоман диканехь а, вонехь а. Цара шайгара доккха хьуьнар гайтина дешаран г1уллакх хуьйцуш-карладоккхуш болчу х1окху т1аьххьарчу шерийн халчу балхахь. Хьоме зударий! Дала могашалла, дахарехь ирс-аьтту лойла шуна! Иштта хаза а, хьуьнаре а лаьттийла шу халкъана а , вайн махкана а!