Нохчийн Республикин Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн ассоциацин декъашхоша, дешаран хьаьрмахь боккхачу ларамца евзачу Соьлжа-ГIалин А-Хь.Кадыровн цIарахчу Дешаран туьшан нохчийн меттан а, л
20.01.2020
Нохчийн Республикин Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн ассоциацин декъашхоша, дешаран хьаьрмахь боккхачу ларамца евзачу Соьлжа-ГIалин А-Хь.Кадыровн цIарахчу Дешаран туьшан нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша Момуева Хедас а, Исраилова Луизас а республикин нохчийн меттан хьехархошна гIоьнна лерина кхоллараллин проект кхочушъян йолийна.
Оцу проектан Iалашо ю хьехархочунна балхана оьшуш болу дидактикин гIирсаш вовшахтохар, цул тIаьхьа иза зорбане баьккхина, цунах шуьйра пайдаэцийтар. Хедица а, Луизица а къамел дар хилира тхан.
Исраилова Луизас дийцира: «Нохчийн меттан хьехархошна къаьсттина хала ду кхузаманан лехамашца цхьаьнадогIу дарсаш луш болх бан, хIунда аьлча, кхийолчу предметашкахула болх бечу хьехархойн санна, шайна оьшуш болу методикин гIирс дIакхевдина интернетан сайташкахь карон а, иза схьаэца, зорба тоха а, пайда эца а ца хиларна. План йоцург дуккха а ду хьехархочунна дарс хьеха воьдуш оьшуш дерг. Федеральни дешаран стандартийн барамашна жоп луш болх бан дезачу церан дукха ду кхочушдан дезарш. Дарсехь керла тема йовзийта еза, дешарна тIаьхьа дуьсучу берашца шайца къаьстина болх бан кечам бина хила беза. Ишттачу бераца индивидуальни болх бо, ткъа дерриге а хьехархочо ша-шегара дан дезаш ду. Дийнахь масех дарс дала дезачу хьехархочун мухалле а я ницкъ а, я хан а ца тоьа оцу кечамашна. Цундела, хьехархочунна хIун гIо дийр дара-тех вай? АллахIера ял а хир йолуш, хьехархошкара баркалла а хир долуш, цхьа дика гIуллакх дан ма дезара, цхьана денна лерина а ца деш, массарна а пайде проект ян дезара аьлла, дIайолийра охашимма хIара проект».
Билгалдаккха лаьа, Момуева Хедас а, Исраилова Луизас а вовшахтухуш болу дидактикин гIирсашна тIехь бо болх 5-чу классера 9-гIа классан биста кхаччалц йолчу классашна лерина беш хилар. Цкъачунна нохчийн маттехула йолчу гIо-Iаматашна тIехь къахьоьгуш ю и шиъ, цул тIаьхьа литературин декъехула болх бан лаам болуш а ю. Шаьш тIелаьцна болх лексика, морфологи, фонетика, пунктуаци, стилистика дакъошка а, юха классашка а бекъна цара.
________________________________
Кхид1а еша "Хьехархо" газетан керлачу лоьмарехь я heharho.ru сайта т1ехь.
#Нохчийнмотт #дешар #литературинурок #газетаХьехархо